Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36»


НазваниеПояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36»
страница3/19
ТипПояснительная записка
filling-form.ru > Бланки > Пояснительная записка
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   19
Тематически планаш

Т1екаре яран а, юкъаметтигаш лелаяран а герггара

теманаш

Меттан коьртачу чулацаман декъехула йолу теманаш

Дешархочо кхочушдечу коьртачу г1уллаккхийн

мах хадор

Абатал хьалхара мур (20 с.)

Лексика

Дешаран, 1ер-дахаран хьелашца йоьзна коьчал цхьана кепе ерзор. Довзар: ц1арах, фамилех, ден ц1арах хаамаш. Телефонехула къамел. Ловзар а, ловзоргаш а.

Доьзал, доьзалхой. Ц1а. Дас-нанас дийриг. Чуьра х1умнаш.

Ц1а чохь. Урамехь. Уьйт1ахь.

Адам. Дег1ан меженаш.

Дийнан раж. Хьан долара х1умнаш.

Могушалла а, унахц1ано а.

Школа. Класс. Дешарца йоьзна х1умнаш. Хьехархо, дешархо. Дешархочун бакъонаш а, декхарш а.

Туьканахь. Х1умнаш эцар.

1алам: ц1ахь кхобу дийнаташ а, з1акардаьхни а. Ораматаш.

Шеран хенаш.

Арент1ехь. Хьуьнхахь.

Зоопаркехь. Стоьмийн бешахь. Хесахь.

Берийн а, баккхийчийн а къинхьегам.

Даймохк. Юрт а, г1ала а.

Вайн деза денош: керлачу шарна кечам бо.

Ц1ахь дена-нанна г1одар.

Х1ума яар: марта, делкъеяр, пхьуьйр дар.

Хан. Де, буьйса. Сахьташ, миноташ.

К1иранан денош.

Шеран хенаш:

Гуьйре, 1а.

Вайн деза денош: Ненан де.

Вайн махкара 1алам: хьун, аре, хи, лаьмнаш.

Шеран хенаш: б1аьсте, аьхке.

Акхарой а, олхазарш а.

Сан хьоме мохк.

Юрт а, г1ала а (ферма, завод, Дубин эвлара фабрика)

Вайн къоман ц1ерш.


Юкъаметтигаш лелоран теманашкахула йолу лексика

1амош йолчу теманашка хьаьжжина дешнаш карадерзор

Фонетика а, орфоэпи а

Къамелан аьзнаш. Мукъанаш. Сонорни мукъазнаш р, л, м, н, й. Балдийн-цергийн в, ф.

К1едачу стигалан г1, х, кх,къ.

Къамкъарган 1, хь.

Эшарпхенийн ъ, х1

Меттахьалхара д, з, ж, т, т1, с, ш, щ, ч, ч1, ц, ц1

Меттат1ехьарнаш г, к, к1.

Мукъазчу аьзнийн юх-юххе нисдалар.

Дешнашкахь дешдакъош а, аьзнаш а къастор.

Деха а, доца а аьзнаш, дешдакъош


Хьехархочо дашехь аьллачу озан кеп ларъеш иза юхасхьаалар.

Аьзнаш къастор: мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а, деха а, доца а.

Мукъачу а, мукъазчу а аьзнийн башхаллаш йовзийтар.

Дешнаш дакъошка декъа хаар, диллина а, къевлина а дешдакъа.1амош долу аьзнаш оьрсийн аьзнашца дустар.

Аларе хьаьжжина билгалъен предложенеш (дийцаран предложени, шеца хаттаран дош долу а, доцу а хаттаран предложени).

Дийцаран, хаттаран предложенеш хила езачу интонацица алар.

Графика

Аз а, элп а.

Элп озан хьаьрк санна.

Мукъа а, мукъаза а аьзнаш билгалдечу элпийн декхарш.

Нохчийн абат.

Дешнийн элпийн а, аьзнийн а таллам.

Дешан элпийн х1оттамна таллам бар.

Хедийнчу элпех дешнаш кхоллар.

Абатехь долчу элпийн къепе (хьалха-т1аьхьа хилар) йовзар.

Грамматика: дош а, предложени а

Дош 1амо еза объект санна.

Дешан маь1на

Дешан маь1на къастор (х1ума, билгало, дар)

Предложенеш (аларш)

Дош предложени юкъа далор.

Х1окху дешнашца предложенеш х1ара, кхузахь, цигахь.

Шинах1оттаман предложени (ц1ердош+ хандош+ кхачам)

Шинах1оттаман предложени (Салманан книга ю бохучу кепара).

Диалогехь цхьанах1оттаман предложенеш.

Чолхе предложенеш ткъа, амма, делахь а хуттургашца.

Цхьанатайпанарчу меженашца предложенеш.

Хаттаран а, айдаран а предложенеш.

Хаттаран-жоьпан цхьааллаш

(хаттар-жоп, хаттар-дуьхьал-хаттар-жоп)

Билгалйинчу кепах пайда эцарца цхьанах1оттаман а, шинах1оттаман а предложенеш х1иттор.

Дийцаран, хаттаран предложенеш хила езачу интонацица алар.

Х1окху грамматически форманашкахь а, конструкцешкахь а шен къамелана юкъа керла дешнаш далор:

-х1ара + ц1ердош (кхузахь, цигахь);

-ц1ердош (юьхьан ц1ерметдош) + ц1ердош (1ела дешархо ву);

-ц1ердош (юьхьан ц1ерметдош) + билгалдош;

терахьдош + ц1ердош (ши г1ант); ц1ерметдош лач дожаршкахь+ ц1ердош+ хандош.

1амош йолчу кепийн диалогехь дакъалацар

Караерзо еза форманаш

Цхьаллин терахьан ц1ерниг дожаран ц1ердешнаш.

Божарийн, зударийн класса чу дог1у ц1ердешнаш.

Ц1ердешнийн дожарийн маь1наш.

Объектан дийриг дожар.

Доланиг дожаран долалла.

Меттигниг дожаро меттиг гайтар.

Хотталург дожаран уьйр.

Коьчалниг дожаран х1ума цхьаьнца деш хилар.

Дустург дожаран дустар.

Яххьийн ц1ерметдешнашца ц1ердешнаш хийцар.

Дукхаллин терахьера ц1ердешнаш.

Билгалдешнаша а, ц1ерметдешнаша а ц1ердешнашца бартбар.

Хандешнаш хенашца хийцар.Т1едожоран саттамехь долу хандешнаш. Яханчу а йог1учу а хенан хандешнаш.

Лаьа, деза хандешнаша инфинитиваца кхуллу форманаш ялор.

Масаллин терахьдешнаш

Х1ума билгал а еш, мила? х1ун бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш довзар а, къамелехь царах пайдаэцар а.

Схьа а хоржуш, ц1ердешнаш яххьийн ц1ерметдешнашца хийцар.

Ц1ердешнашца ц1ерметдешнийн, билгалдешнийн барт хилар гайтар.

Маь1наш билгал а деш, тайп-тайпанчу дожаршкахь ц1ердешнаш далор.

Дар билгал а деш, х1ун до? бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш довзар а, къамелехь царах пайда эцар.

Карарчу а, яханчу а, йог1у йолчу а хенашкахь долу хандешнаш вовшех къасто хаар.

Т1едожоран саттамехь долу хандешнаш кхолла хаар.

Яханчу а, йог1учу а хандешнийн форманаш вовшех къасто хаар.

Т1едожаран саттамехь долчу хандешнех пайда эца хаар

Терахьдешнийн грамматически билгалонаш къастор

Йоза-дешар 1амор (35 с.)

Лексика

Вовшийн довзар. Салам-маршалла хаттар.

Вайн ловзарш: х1ун ловзарш д1ахьо вай шеран тайп-тайпанчу хенахь.

Доьзал. Мила, хьанна г1о деш ву доьзалехь.

Ц1ахь. Х1ун юу вай 1уьйранна, делкъахь, сарахь.

Кертахь. Урамехь. Тхан урам.(тхан уьйт1е) шеран тайп-тайпанчу хенашкахь.

Школа. Класс. Урокехь.

Перемена. Классан г1азанчаш

Адам. Адаман дег1ан меженаш. Могушалла. Лор волчохь.

Туьканахь. Буфетехь. Х1ун эца еза.

1алам (ораматаш, акхарой).

Стоьмаш, хасстоьмаш.

Ц1ахь кхобу дийнаташ, з1акардаьхни, акхарой, олхазарш.

Ц1ахь кхобучу хьайбанашна 1уналла дар.

Деза денош. Вина де сан, сан гергарчеран, доттаг1ийн.

Даймохк. Г1ала. Юрт.

Вайн республика. Вайн хьоме мохк.

Вайн ц1ерш, дайн ц1ерш, фамилеш.

Нохчийн г1аланийн, яртийн ц1ерш.

Нохчийн къоман ловзарш а, ловзоргаш а.

Шуьнехь, х1ума юуш лелон деза г1иллакх.

Кертахь кхобучу дийнатийн ц1ерш

1амош йолчу теманашца доьзна йолу дешнаш карладахар а, жигарадахар а

1амош йолчу теманашца доьзна долчу дешнийн барам совбаккхар

Фонетика а, орфоэпи а

Деха а, доца аьзнаш. Зевне а, къора а аьзнаш.

Шалха элпаш алар, къастор.

Интонационни конструкцеш: дийцаран, хаттаран айдаран .

Аьзнаш вовшех къастор: мукъа, мукъаза, зевне, къора, деха, доца. Йозанехь шина хьаьркаца билгалдеш долу аьзнаш довзар, вукхарах къасто хаар. Мукъа а, мукъаза а, зевне а, къора а, деха а, доца а аьзнийн масалш далор.

Дийцаран, хаттаран, айдаран предложенеш къамелехь ялор

Грамматика: предложенеш (аларш)

1ер-дахарца йоьзна предложенеш (Сан ю..бохучу кепара).

Шинах1оттаман предложенеш (ц1ердош+куцдош+хандош)

Мегар ду, дац, оьшу бохучу дешнашца предложенеш.

Хенаца йоьзна доланиг дожарца предложени.

Цхьанах1оттаман предложенеш ( школе муха ваха веза?

Диалогически цхьааллаш: хаам-хаттар-жоп-хаам; хаттар-жоп-хаттар-жоп

Аларе хьаьжжина предложенеш д1асаекъар.

Къастор а, къамелехь пайдаэцар а:

- цхьанатайпанарчу меженашца йолчу цхьалхечу предложенех;

- долахь хиларан а, хенан маь1ница йолчу (Сан ю.Сан исс шо ду) предложенех;

-мегар ду, дац, оьшу бохучу дешнашца йолчу предложенех;

-х1аъ, х1ан-х1а дешнаш далорца резахиларан а, цахилран а предложенех;

- ц1ердош +куцдош+ хандош (Вахас хаза яздо) предложенех.

Билгалдинчу хаттаршна предложенеш х1иттор.

Дешаран диалогехь дакъалацар: хаттарна жоп далар, хаттар далар.




Караерзо еза форманаш




Ц1ердешнийн грамматически классаш: зударийн, божарийн, кхийолу.

Ц1ердешнийн дожарийн маь1наш

Объектан маь1нехь лела дийриг дожар.

Доланиг дожаран долалла.

Меттигниг дожаро меттиг гайтар.

Хотталург дожаран уьйр.

Коьчалниг дожаран х1ума цхьаьнца я стенца деш хилар.

Дустург дожаран дустар.

Хандош. Карарчу хенан хандешнаш хенашца хийцадалар.

Хандешнийн яхана а, йог1у

йолу а хенаш.

Лаьа, деза хандешнаш инфинитиваца дуозар.

Лааме а, лаамаза билгалдешнаш. Гергара а, дуьхьал маь1на долу а билгалдешнаш.

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

Рог1аллин терахьдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна далор.

Куцдашах кхетор.

Хандешнашца ца, ма нийсаяздар


Ц1ердешнийн грамматически билгалонаш къастор: грамматически класс, дожар, терахь.

Маь1наш билгал а деш, тайп-тайпанчу дожаршкахь ц1ердешнаш далор.

Дешнаш цхьаьнакхетаршка дерзор: ц1ердош+ билгалдош.

Хандешнийн грамматически билгалонаш къастор.

Дешнаш цхьаьнакхетаршка дерзор: дустург дожарехь долу ц1ердош+ хандош

Ц1ердешнаш билгалдешнашца бартбаран уьйрехь нийса далийна хилар къастор.

Доланиг, коьчалниг, дустург дожаршкахь далийнчу

ц1ердешнийн грамматически билгалонаш къастош йовзийтар а, уьш цу кепара хиларан бахьана а довзийтар.

Куцдешнийн маь1на билгал а деш, къамелехь цара д1алоцу меттиг къастор.

Масаллин а, рог1аллин терахьдешнаш ц1ердешнашца цхьаьна далоран башхаллаш билгалъяхар.

Барта а, йозанан а къамел кхиор. Абатал т1аьхьара мур (15 с.)

Лексика

Вовшийн довзар: вевзаш волчу а, воцчу а стаге вистхилар

1амош йолчу теманашца доьзна долу дешнаш карладахар а, жигарадахар а

Дешнийн хазна совъяккхар, урокехь а, школехь а, кхечу меттигашкахь царах пайда эцар жигарадаккхар.

Ц1а. Доьзал. Доьзалхойн корматаллаш. Муха д1ахьо цара шайн мукъа хан.

Школехь. Переменехь. Кружокехь дакъалацар. Библиотекехь. Каникулаш муха д1ахьо оха.

Урамехь. Некъан бакъонаш: некъал дехьа волуш а, транспорт т1ехь а муха лела веза.

Адам а, цуьнан могушалла а. Лор волчохь. Дархочуьнга ц1ахь хьажар.

Аптекехь а, клиникехь а.

Туьканахь. Совг1ат харжар (доттаг1чунна,

хьехархочунна, дена-нанна, гергарчарна).

1алам. Хенан х1оттам: муха бу тахана хенан х1оттам.

Хьан х1ун до шеран тайп-тайпанчу хенахь.

Берийн ловзарш шеран тайп-тайпанчу хенахь.

Дийнан хан. Х1ун хан яьлла муха хуур ду. Шеран хан. Беттийн ц1ерш.

Къоман деза денош.

Къоман даарш.

Шуьнехь.

Къаьмнийн г1иллакхаш а, ламасташ а.

Транспорт. Мича йоьду автобус. Мичахь, маца охьавосса веза. Шена т1ера мах балар.

Даймохк. Хьомечу мехкан суртх1оттор (юрт, г1ала).

Суна дукхадеза г1уллакхаш.

Нохчийн туьйранашна типологически герга долу оьрсийн туьйранаш.

Нохчийн къоман сувенираш

Мукъа э, ы

Деха а, доца а мукъа аьзнаш.

Доца шеконан мукъа аьзнаш (а, у, и).

Дешдакъош .

Мукъаза й.

Ев, аьв, ов элпийн цхьаьнакхетар.

Мукъазчу аьзнийн юх-юххе нисдалар.

Интонационни конструкцеш: дийцаран, хаттаран т1едожоран.

Диалогехь дакъалацар: ладог1а хаар, олург тидаме оьцуш, нийса кхетадар, къамел ца ходуьйтуш д1адахьар.

Хезаш долчу къамелан аьзнийн х1оттам хазарца къасто хаар.

Хьехархочо билгалйина аьзнийн кепаш (къора, зевне, деха, доца) юха схьаалар.

Дешан юхьехь а, юккъехь а, чаккхенгахь а юх-юххе нисделла мукъаза аьзнаш нийса алар.

Доца шеконан мукъа аьзнаш яздар бакъонца ч1аг1дар.

Дешнашкахь мукъаза й яздар бакъонца ч1аг1дар

Ев, аьв, ов юкъадог1у дешнаш нийсаяздар.

Дош дакъошка декъа хаар, деха а, доца дакъош къасто хаар.

Доска т1ехь мукъа а, мукъаза а элпаш хийцарца дешдакъош д1адешар (билгалйинчу схемица)

Хаттаран, т1едожоран предложенех пайда а оьцуш, диалог д1аяхьар.

Т1ецначу дешнашкахь э, ы нийса алар.

Шайн аларехь тайп-тайпана йолчу предложенийн интонацих кхетар.

Билгалйинчу теманашца д1ахьош йолчу диалогашкахь дакъалацар

Грамматика: предложенеш (аларш)

Мегар ду, дац, лаьа дешнашца йолу инфинитивни предложенеш.

Буфетехь х1ун ю? бохучу кепара предложенеш.

Цхьанатайпанарчу меженашца йолу предложенеш.

Цхьанах1оттаман предложенеш (Школехь хаза ду).

Дилогически цхьааллаш: хаам-хаттар-хаам; хаттар-жоп-хаттар.

Шина-кхаа предложених

лаьтта дийна чолхе синтаксически конструкци

Диалогехь мегар ду, дац, лаьа дешнашца йолчу юьззина йоцчу предложенех пайда эцар.

Хьехархочо еллачу кепашца предложенеш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу меженашца предложенеш яржор.

Шина-кхаа предложенех лаьтта, т1аьхьа т1ейог1учара хьалхарчу предложенин чулацам схьабостуш а, т1ебузуш а йолу, юьхьанцара конструкцеш х1иттор.

Билгалйинчу темина диалог х1оттор, хаттаршна доцца а, даьржина а жоьпаш далар, диалог д1айоло а, чекхъяккха а дог даийтар.

Караерзо еза форманаш

Тайп-тайпанчу предложенешкахь инфинитив.

Масаллин терахьдешнаш. Лург дожар дешт1аьхьенашца т1е, т1ехь, чу, чохь, к1ел, к1елахь.

Ц1ердешнашца рог1аллин терахьдешнаш далор (шолг1а де).

Яххьийн ц1ерметдешнаш дийнна синтаксически конструкцехь.

Яххьийн ц1ерметдешнаш цуьнан, церан

Яххьийн ц1ерметдешнаш чолхечу синтаксически конструкцехь

Хандешан юьхьанцара кеп (инфинитив) билгалъяр, кхечу формехь долу хандош юьхьанцарчу кепе дерзор.

Масаллин терахьдешнаш дийцар … т1е кхаччалц.

Ц1ердешнаш дало хаар:

ц1ерниг дожарехь, доланиг дожарехь, лург дожарехь (дешт1аьхьенашца цхьаьна)

(Берашна т1е вахара).

(Салаз т1ехь хехкавелира).

Къамелехь ц1ерниг а, лач а дожаршкахь долчу рог1аллин терахьдешнех пайда эцар.

Цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь долу яххьийн ц1ерметдешнаш тайп-тайпанчу дожаршкахь далор.

Ц1ерметдешнех пайда а оьцуш, Хьенан? Стенан? бохучу хаттаршна жоьпаш далар.

Текстехь яххьийн ц1ерметдешнаш шайн билгалонашца довзар, церан маь1наш а, къамелехь пайда эцар къастор

Комплексно къамел кхиор. Грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс

Фонетика а, орфоэпи а (30 с.)

Аьхке. Аьхкенан 1аламан исбаьхьалла. Мичахь, муха д1аяхьа мегар ду аьхке.

Х1ун гира шуна? Х1ун 1емира. Аьхкенан экскурсеш.

Школехь. 1-ра сентябрь-Хаарийн де. Керлачу дешаран шарна х1ун кечам бина?

Книга - хаарийн хьаст а, ларма а. Книга лерина лелон езаш хилар. Суна дукхаеза книга.

Гуьйре. Гуьйренан аматаш. Гуьйренан белхаш хесахь а, бешахь а.

1аьнна кечамбар.

Акхарой а, олхазарш а 1а даккха муха кечло.

1а. 1аьнан 1аламан суьрташ. 1аьнан юьртбахаман белхаш.

Дийнатийн дахар 1аьнан хенахь.

Самукъадахарш а, ловзарш а 1аьнан хенахь.

Спорт 1аьнан хенахь.

Мехкан 1аламан меттигаш.

Мехкан маь1данаш.

1илманехь, техникехь, культурехь баьхна кхиамаш.

1-3-чуй классашкахь карадерзийна хаарш, шардарш жигарадахар. Элпаш а, аьзнаш а. Элпийн

ц1ерш. Элпаш къамелан аьзнашца дог1уш хилар. Мукъанаш. Мукъачу аьзнийн редукци (г1елдалар)

Е, ё, ю, юь, я, яь элпийн аьзнашца долу маь1на. Зевне а, къора а мукъазнаш.

Мукъазчу аьзнийн юх-юххе нисдалар.

Меран аз н.

Деха а, доца а дешдакъош.

Дийцаран, хаттаран, айдаран предложенийн интонаци

Аьзнаш а, элпаш къасто хаар.

Дешан йозанехь гайтинчу

озан кеп юха схьаала хаар.

Масалш т1ехь кхетор элп озан хьаьрк хилар: цхьа аз, ши аз, цхьа а аз билгал ца деш долу элпаш (ь,ъ).

Е, её, ю, юь, я, яь элпийн башхаллех кхетор.

Паранаш йолу а, йоцу а, зевне а, къора а мукъазнаш вовшех къасто хаар.

Юх-юххе нислуш долчу мукъазчу аьзнийн башхаллаш йовзийтар.

Цхьана дешдекъах лаьтта а, х1ун дан? хьенан? стенан хаттаршна жоп луш долу дешнаш нийса бакъонца дог1уш яздан а ала шардар.

Деха а, доца а аьзнаш шайца долу дешнаш вовшех къастор.

Къамелехь оьшучу интонацица предложенеш ала хаар

Мила хила лаьа? Суна дукхаеза корматалла.

Нохчийн г1арабевлла яздархой.

Суна дукхабеза нохчийн яздархой а, поэташ а.

Б1аьсте. Б1аьстенан юьхьехь а, чаккхенехь 1аламехь хуьлуш болу хийцамаш.

Баккхийчийн а, берийн а б1аьстенан белхаш.

Нохчийн халкъан туьйранийн турпалхой.

Суна дукхабеза туьйранийн турпалхой.

Сан къоман туьйранаш.

Космос караерзор. Космонавтикин де. Дуьненан дуьххьарлера космонавт.

Сийлахь-боккха Даймехкан т1амехь халкъо гайтина хьуьнарш.

Толаман Де.

Суна дукхаеза г1ала (юрт).

Нохчийн къомах лаьцна долу хаарш жигарадахар а, т1еч1аг1дар а: тукхам, тайпа, ц1ерш.

Нохчийчоьнан г1аланаш, хиш.

Нохчийн къоман ловзарш а, деза денош а.

Нохчийн берийн эшарш.

Вистхиларан г1иллакх.

Нохчийн къоман даарш.

Нохчийн халкъан ловзарш, г1иллакхаш, ламасташ.


Лексика (30 с.)

1амийнчу теманашца доьзна долу дешнаш карладахар а, жигарадахар а.

Дош-меттан коьрта дакъа. Дешан маь1на.

Синонимех а, антонимех а болу кхетам. Этнокультурни шех олуш йолчу лексикин декъехула карадирзинарш жигарадахар

Хьалха 1амийна хилла лексика а, цу декъера йолу а предложенеш керлачу лексикица шайн-шайн теманашаца т1е а юзуш, жигараяккхар.

«Дош» боху кхетам балар, цуьнан лексически маь1на бохург х1ун ду хаар.

Хедийнчу абатца цхьана дешдекъах а, шина дешдекъах а лаьтта дешнаш вовшах а тосуш, дешар, деха а, доца а дакъош билгал а дохуш.

Синонимаш, антонимаш боху кхетамаш караберзор, масалш т1ехь гайтар барта а, йозанан а къамелехь царах пайда эцар

Этнокультурни лексика йовзаран 1алашонца нохчийн меттан урокашкахь дакъалацар: хьехархочо йоьшучух, дуьйцучух кхета а, ладог1а а хууш хилар, ц1ахь а, классехь а ешначун чулацамах лаьцна долчу хаттаршна жоьпаш дала.

Грамматика: ц1ердош (30 с.)

Ц1ердешнийн цхьаллин а, дукхаллин а терахь.

Ц1ердешнийн классаш.

Ц1ердешнийн легарш.

Дожарийн маь1наш: ц1ерниг (субъект билгалйо), доланиг

( х1ума цхьана долахь хилар гойту), лург ( хьанна, стенна т1е воьду билгалдо), дийриг (хьан кхочушдо билгалдо), коьчалниг (хьаьнца, стенца до дар гойту), хотталург (хьанах, стенах дозаделла ду х1ума гойту), меттигниг (меттиг гойту), дустург (дустар гойту).

Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар.

Массо а дожарийн хаттаршца доьзна цхьаллин а, дукхаллин а терахьера ц1ердешнех пайда эцар. И кепаш иштта хила езаран бахьанаш довзийтар.

Божарийн а, зударийн а, кхийолчу классашкахь а долу ц1ердешнаш вовшех къасто хаар.

Дог1уш долу хаттарш а х1иттош, церан маь1наш а довзуьйтуш, дешнаш дожаршца легор.

Билгалдинчу ц1ердешан грамматически билгалонаш анализ ярца йовзийтар: грамматически класс, терахь, дожар.

Хандош (30 с.)

Хандешан билгалза кеп (девзаш долчу дешнийн буха т1ехь)

Хандешан хенашца хийцадалар

Хандешнаш дар, хилар гойтуш долу дешнаш санна довзар, къамелехь нийса пайда эцар хандешнех а, церан билгалзачу кепех а.

Карарчу хенан хандешнийн орамехь хуьлуш болу хийцамаш а бовзуьйтуш, хандешнаш кхаа а хенехь хийцадаларх кхетор.

Хандешнаша ц1ердешнашца классехь беш болу барт гайтар

Билгалдош, ц1ерметдош (20 с.)

Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш. Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар.

Цхьаллин а, дукхаллин а терахьашкахь долу яххьийн ц1ерметдешнаш а, церан дожаршца хийцадалар а.

Предложенехь ц1ердешнашца бартбаран уьйрехь билгалдешнех а, ц1ерметдешнех пайда эца хаар (сан, тхан, вайн, шун).

Дешнийн цхьаьнакхетарш: ц1ердош+ билгалдош х1иттор.

Муха? муьлха? хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп а луш, х1уманан билгало гойту дешнаш хазарца довзар.

Кхаа а юьхьехь долу яххьийн ц1ерметдешнаш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь предложенешкахь массо а дожаркахь далор.

Текстехь юх-юха а далийна долу ц1ердешнаш дог1уш долчу ц1ерметдешнашца хийцар

Терахьдош (6 с.)

Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш.

Терахьдешнаша шайца дозаделлачу дашца бартбар.

Нохчийн меттан терахьдешнийн башхаллаш.

Маса? масалг1а? бохучу хаттаршна жоп луш долу терахьдешнаш вовшех къасто хаар.

Маса? масалг1а бохучу хаттаршна жоп луш долчу дешнашна масалш далор.

Терахьдешнаш муха кхоллало масалш т1ехь гайта хаар.

Цхьанна т1ера ткъанна т1е кхаччалц масаллин терахьдешнаш нийсаяздар шардарца карадерзор.

Куцдош (6 с.)

Хенан (селхана, кхана), даран суьртан (сиха, меллаша), меттиган (цигахь, кхузахь) куцдешнаш

Маца?, муха?, мичахь? хаттаршна жоп луш долчу куцдешнийн маь1наш къасто хаар.

Хаттарш даларца хенан, меттиган, даран суьртан куцдешнашна масалш далор

Цхьанатайпанара меженаш (5 с.)




Цхьанатайпанарчу меженашца предложенеш яржор

Цхьанатайпанара меженаш шайца йолу предложенеш х1иттор, уьш нийса д1аеша хаар, оцу предложенешкахь сацаран хьаьркаш х1иттор карадерзор.

Цхьанатайпанрчу меженашна юккъехь йолу уьйр интонацица, ягаръярца а, хуттургашца а йовзийтар.

Чолхе предложени (5 с.)

Чолхе предложени

Амма, ткъа, делахь а хуттургашца йолчу чолхе предложенех пайда эцар

Цхьалхе а, чолхе а предложенеш вовшашца юстар. Чолхе предложенеш х1итто а, хуттургашна хьалха запятой йилла а хаар.

Чолхечу предложенин х1оттаман анализ ян хаар.

Графика (8 с.)




Алфавит. Мукъа аьзнаш билгалдеш долу элпаш. Мукъаза аьзнаш билгалдеш долу элпаш.

Элпийн ц1ерш.

Доккха элп адамийн, г1алийн, яртийн, хийн ц1ерашкахь.

Абатан д1ах1оттам, элпийн ц1ерш, мукъа аьзнаш хаар.

Учебникан словарь т1ера дешнаш схьалахар а, абатан рог1ехь уьш д1анисдар а.

Аз а, элп а вовшех къастор Шина озаца билгалдечу элпийн е, ё, ю, юь, я, яь маь1на довзийтар.

Элпаш а, церан аьзнашца дазар девзаш хилар.

Доккхачу а, мог1арерчу элпашца яздинарг дустар.

Географически меттигийн (г1аланаш, ярташ, хиш, 1аьмнаш, лаьмнаш, урамаш, пачхьалкхаш), адамийн ц1ерашкахь, предложенин юьхьехь доккха элп яздар.

Орфографи, нийсаяздар(25 с.)




Деха аьзнаш йозанехь билгалдахар.

Элпаш э, е юкъадог1у дешнаш нийсаяздар.

Мукъаза шала а, шалха элпаш йозанехь билгалдахар

Ев, аьв, ов юкъадог1у дешнаш нийсаяздар.

Ъ, ь хьаьркаш шайца долу дешнаш нийсаяздар.

Доца шеконан мукъа аьзнаш шайца долу дешнаш нийсаяздар.

Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш а, н яздар.

Ц1ердешнийн, хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяр.

Дешт1аьхьенаш дешнашца нийсаязъяр. Дешхьалхенаш дешт1аьхьенех къастор.

Дош сехьадаккхар.

И, уь, юь мукъанаш шайца долу дешнаш нийса яздан хаар.

Элпаш э, е юкъадог1у дешнаш нийсаяздаран бахьанехь кхеташ хилар.

Орамера шала мукъазнаш нийсаяздан хаар.

Мукъаза шалха элпаш дешнашкахь яздарх кхеташ хилар.

Ъ, ь хьаьркаш шайца долу дешнаш нийсаяздарх лаьцна дийца хууш, цунах кхеташ хилар.

Доца шеконан мукъа аьзнаш а, у, и яздаран бакъонех кхетар.

Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш а, н яздар бакъонца ч1аг1дан хууш хилар.

Ц1ердешнаш а, хандешнаш хийцарца церан чаккхенаш цу кепара язъяран бахьанаш довзийтар.

Дешт1аьхьенаш дешхьалхенех къасто хаар.

Масалш т1ехь гайтар дош сехьа муха доккху.

Пунктуаци (5 с.)

Т1адам, хаттаран а, айдаран а хьаьркаш предложенин чаккхенехь.

Цхьанатайпанара меженаш къастош а, чолхечу предложенехь хуттургашна хьалха (амма, ткъа, делахь а) а запятой йиллар

Юьхьанцара орфографически а, пунктуационни хьаьркаш х1иттор: предложени йолош доккха элп диллар, дешдакъош мог1анна дехьадахар, дийцаран предложенехь чаккхенгахь т1адам биллар.

Интонацига хьаьжжина предложенехь хаттаран а, айдаран а хьаьркаш х1иттор.

Цхьанатайпанарчу меженашкахь а, чолхечу предложенехь амма, ткъа, делахь а хуттургашна хьалха запятой йиллар.

Предложени йоьшучу хенахь и юккъе яьллачу хенахь а, чаккхенгахь а соцунг1аш яр.

1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   19

Похожие:

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconПояснительная записка Основная образовательная программа начального...
Программа духовно-нравственного развития и воспитания обучающихся на ступени начального общего образования

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconПояснительная записка основная образовательная программа начального...
Программа формирования универсальных учебных действий у обучающихся на ступени начального общего образования

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconПояснительная записка Основная образовательная программа начального...
Программа формирования универсальных учебных действий у обучающихся на ступени начального общего образования

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconПояснительная записка основная образовательная программа начального...
Планируемые результаты освоения обучающимися основной образовательной программы начального общего образования стр 18

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconОсновная образовательная программа начального общего образования
...

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconОсновная образовательная программа начального общего образования
Пояснительная записка

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconОсновная образовательная программа начального общего образования
Пояснительная записка

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconОбразовательная программа на 2011-2015 учебный год в рамках фгос ноо пояснительная записка
Пояснительная записка к основной образовательной программе начального общего образования мбоу анно-Ребриковская сош

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconПояснительная записка Основная образовательная программа начального...
Планируемые результаты освоения обучающимися основной образовательной программы начального общего образования

Пояснительная записка Основная образовательная программа начального общего образования моу «сош №36» iconПояснительная записка основная образовательная программа начального...
Планируемые результаты освоения учащимися основной образовательной пограммы начального общего образования 11

Вы можете разместить ссылку на наш сайт:


Все бланки и формы на filling-form.ru




При копировании материала укажите ссылку © 2019
контакты
filling-form.ru

Поиск